Нохчийн исбаьхьаллин литература, къоман культура кхиорехь, Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь Iаламат доккха гIуллакх дина Арсанов СаьIид-Бейс. Мехала ю цуьнан кхолларалла. Къоман литературехь йоккхачу эпически жанрехь чекхъяьлла йолу произведени – роман дуьххара Арсанов СаьIид-Бейс язйина.
Чолхе а, хала а хилла яздархочун дахаран, кхоллараллин некъ. Арсанов СаьIид-Бей вина 1889 шеран 2-чу октябрехь Нохчийчохь, Жимачу АтагIах, ахархочун Арсанбекан доьзалехь. ЧIир тIеяр бахьана долуш юьртах вала дезна Арсанбекан. Шен доьзалца Владикавказе кхелхина а вахна, цигарчу дашший, детий доккхучу заводе балха хIоьттина иза. 1905 шарахь Россехь белхалой меттахбевлла, революцин болам болабелча цу юкъа вахна Арсанбек. Революцин боламехь дакъалацарна 1907 шарахь паччахьан Iедало лаьцна Сибрех вахийтина иза.
СаьIид-Бейс Владикавказехь 4-шеран училище чекхъяьккхина. 1907 шарахь Баку гIалахь цхьана гIишлошъяран организацин конторехь коперовальщикан, чертежникан болх бина. Цул тIаьхьа Одессе а вахна, цигара электротехнически училище чекхъяьккхина, дешарца цхьаьна болх а беш. Юха цIа а вирзина, цхьана муьрехь Владикавказехь болх бина, «Терек9raquo; газетаца юххера уьйр а латтош. 1910-чу шарахь Петербургерчу политехнически институте деша воьду Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь революционни ойла йолчу студентащца цхьаьна вара СаьIид-Бей. Политически демонстрацешкахь дакъалацарна чувоьллина иза. Ши бутт чохь а баккхийтина, Вятски губерни ссылке хьажийна. Цигара вада аьтто а баьлла Варшаве а, цул тIаьхьа дозанал дехьа Германи а кхочу иза. Цигахь цхьана машинаш ечу заводехь слесаран а, монтеран а белхаш бина цо. Студентийн гIаттамашкахь виллина дакъалоцуш а хилла иза. Арахьа дуккха а хало, гIело лайна цо, амма дуьне а, адамаш а довзарехь мехала хан хилла иза яздархочунна. Хьалхара империалистически тIом болабелча, Росси юха вогIу Арсанов СаьIид-Бей. ЦIа вирзинчул тIаьхьа 1917-1921 шерашкахь Иркутски университетехь доьшу цо. Колчакан кIайчу эскаршна дуьхьал бинчу тIемашкахь дакъалоцуш а хилла иза.
1921 шарахь кхайкхина Нохчийчу схьавалаво Арсанов СаьIид-Бей, идеологически болх дIабахьарца доьзна гIуллакхаш тIедохку цунна. Арсанов СаьIид-Бейс белхаш бина тайп-тайпанчу серлонан, бахаман, партийни учрежденешкахь. Доккха гIуллакх дина цо Нохчийчохь йоза-дешар даржорехь.
Нохчийн дуьххьарлера газета арахецаран гIуллакх тIедиллина Арсанов СаьIид-Бейна. Корматалла вовшахтохараллин оьшу болх дIабахьа дезна. Цу тIехь Арсановна, Нохчийчу а веана, дика гIо дира хIетахь Ростовехь «Советский Юг» газетан редакцехь балхахь хиллачу Александр Фадеевс. Оьрсийн гоьваьллачу яздархочунна даггара баркалла аларца хьахайора Арсанов СаьIид-Бейс и хан. 1923-чу шеран 23-чу апрелехь, Арсанов СаьIид-Бей редактор а волуш, араелира «Советская автономная Чечня» газетан дуьххьарлера номер. ТIаьхьо, «Серло9raquo; цIе а йолуш, нохчийн маттахь арахеца долийнчу оцу газетан доккха маьIна хилла къоман литературий, культурий кхиорехь.
Цул тIаьхьа Москва балха дIавуьгу Арсанов СаьIид-Бей. Цхьана муьрехь Кремлерчу Оружейни палатехь Iилманан секретарь Iийна иза, тIаккха масех шарахь ВЦИК-ан Президиумехь Нохчийчоьнан векал а хилла.
Оцу хенахь Нохчийн областан партин органашкахь болх беш нохчийн кIезиг хилла. Дуьххьара Нохчийн обкоме балха хIоттийна веккъа цхьа нохчи – Авторханов Iабдурахьман, орготделан заведующи. Цо гIайгIабарца обкоме дIаэца болийна нохчийн къомах болу белхахой. Иштта обком партин культпропотделан заведующи хIоттийна Арсанов СаьIид-Бей. Оцу хьокъехь яздина шен дагалецамашкахь Авторханов Iабдурахьмана.
Партин ЦК-н тидамехь хилла лаккхара дешар а дешна, кIорггера хаарш а, доьналла а долу Арсанов СаьIид-Бей. Тайп-тайпана жоьпаллин гIуллакхаш тIедохку цунна. 1933-чу шарахь иза хьажаво Колыме, пачхьалкхан органашка балха. Цигахь шина шарахь райисполкоман председателан болх бо цо. 1935-чу шарахь Нохчийчу цIа вогIу иза. Нохч-ГIалгIайн меттан, историн Iилманан-талламан института директор хIоттаво Арсанов СаьIид-Бей. Кхузахь цо доккха гIуллакх дина нохчийн, гIалгIайн меттанаш а, истори а Iилманца таллар вовшахтохарехь. Леррина тидам тIебохуьйту къоман барта кхолларалла гулъярна а, иза зорбанехь арахецарна а.
1937-чу шеран 3 октябрехь Арсанов СаьIид-Бей НКВД-ан белхахоша, лаьцна чу а воьллина, буржуазни националисташна гIо деш хилла аьлла, бехке а вина, Сибрех вахийтина. ТIаьхьа, яздархочуьнан цхьа а тайпа бехк цахилар билгал а доккхуш, мукъа витина.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, шовзткъалгIий – шовзткъеитталгIий шерашкахь яздархочо Казахстанехь халкъан образованехь болх бо. Республика метта а хIоттина, цIа дирзинчул тIаьхьа, 1957 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин Яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина иза. Цу даржехь болх бина Арсанов СаьIид-Бейс 1959 шеран март баттахь пенсе ваххалц.
Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш дуьххьара зорбане евлла 1924-чу ш. Цу хенахь «Советский юг», «Известия9raquo; газетийн агIонаш тIехь кест-кестта арадовлу цуьнан дийцарш, очеркаш, статьяш. ТIаьхьо Арсанов СаьIид-Бейн произведенеш арайийлина «Красная новь», «Народный учитель» цIерш йолчу журналаш тIехь а. Арсанов СаьIид-Бейн цIарца дозаделла ду къоман литературехъ романан жанр кхоллаялар. 1930 шарахь «Революция и горец» журналан кхаа номерехь зорбатуьйхира яздархочуьнан йоккхачу эпически произведенин дакъош. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча нохчийн маттахь «Ши тIаьхье» цIе а йолуш араелира и роман. 1930 шарахь зорбанехь араяьлла Бадуев СаьIидан «ПетIамат9raquo; цIе йолу чекхъяккхаза йисина роман а. Цу тайпана, Бадуев СаьIид а санна, къоман литературехь романан жанр йолорхо ларалуш ву Арсанов СаьIид-Бей а. Билгалдаккха деза, Бадуев СаьIид юьззина чекхъяьлла роман язъян ца кхианехь, Арсанов СаьIид-Бейс эпически йоккхачу форманан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман нохчийн, гIалгIайн литературашкахь дуьххьара язйина хилар. «Маца девза доттагIалла» цIе йолчу романан хьалхара вариант ларалуш ю «Ши тIаьхье». Турпалхойн васташ даржош, сюжетан зIенаш тIеюзуш, идейно-исбаьхьаллин чулацам кIаргбеш болх бина автора шен произведени тIехь. «Маца девза доттагIалла» роман араяьлла 1956-чу шарахь Алма-Атахь. ХIХ бIешо чекхдолучу – ХХ бIешо долалучу муьрехь Нохчийчоьнан юкъараллин дахаран социальни хьелаш гайтина романехь. Оцу хенахьлерчу дахаран суьрташ эпически шуьйра а, кIорггера а дехкина. Тайп-тайпанчу географически меттигашкахь кхочушхуьлу гIуллакхаш, дуккха а исторически хиламаш бу романан чулацамехь. Къинхьегаман халкъо, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша паргIатонехьа латто къийсам гайтар ду романехь коьртаниг. Къаьмнашна юкъахь интернациональни доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гайтина автора. Шина чкъурах бу романан турпалхой: Арсбий, цуьнан могIарера бершший; Беной, цуьнан нийсархой. Царах хIор чкъор а шайн хенаца догIуш, шайн амалшца, лехамашца гайтина. Дегайовхонца кхоьллина Арсбин, Джабраилан, Джон, ТIатIашан, церан накъостийн васташ. Цаьргахула гайтина адамийн ойланехь хуьлуш болу хийцамаш. Дахаран, шайна гонах гуш долчуьнан социальни маьIна дан Iема уьш. Арсбин кхетам кхиарехь мехала яра цуьнан Ивашинца а, Ульяшеваца хилла уьйраш. Романехь дикачарах ду зударийн васташ: Хедижат, Селима, Ульяшева. Боккхачу деган лазамца, амма царах воккхаверца гайтина уьш автора. Ша-тайпана хьежамаш бу авторан кегийрхошка: Бенога а, цуьнан накъосташка а. Сирла хиндерг царах доьзна лору автора.
Яздархочо шуьйра пайдаэцна шен романехь халкъан барта кхоллараллех. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор. Арсанов СаьIид-Бейс гулйина, зорбанехь арахецна къоман барта кхоллараллин шиъ сборник. Шен къастамаш бу «Маца девза доттагIалла» романехь халкъан барта произведенех пайдаэцаран. Фольклоран битамаша гIо до авторна къоман ламасташ, г1иллакхаш, оьздангалла йовзийта, адамийн ойланехь дерг гучудаккха, церан лаамаш, сатийсамаш гайта, халкъан дахаран къеггина долу суьрташ дахка. Джабраилан иллеш, Селимас шен шина йоIана дуьйцу туьйранаш, хабарш романан хиламех къасталур доцуш дIаийна ду. ДуххьалдIа барта произведенеш текстана юкъаялорца кхачалуш яц романан барта кхоллараллица йолу уьйраш. Яздархочун идейни, исбаьхьаллин Iалашонаш кхочушъярехь шайн маьIна ду церан. Романна цхьа ша-тайпа аьхналла а луш, йоьшуш волчунна исбаьхьаллин Iаткъам бан гIо до цара.
«Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книги тIехь болх беш вара яздархо. Цхьа кIеззиг долу дакъош зорбанехь ара а девллера. Схьахетарехь, революци хиллачул тIаьхьа вайн махкахь керлачу дахарехьа къинхьегамца къийсам латтор гайта дагахь хилла яздархо романан шолгIачу книги тIехь. Амма шен Iалашо кхочушъян ца кхиъна иза.
Арсанов СаьIид-Бейн «Серебристая улыбка» цIе йолу книгина зорбатоьхна 1965 шарахь. Ткъе иттех шо хьалха ша болх бинчу Колыма а вахна, хIетахь ша лелла меттигаш гина, цигарчу адамашца цхьаьнакхетарш а хилла, цIа веъча, арахецна яздархочо и книга. Оцу мехкан буьрсачу хазаллех, цигарчу адамийн хьуьнарех дуьйцу яздархочо шен барамца йоккха йоцчу книги тIерачу дийцаршкахь, очеркашкахь.
Арсанов СаьIид-Бей гоьваьлла яздархо вара, цуьнан произведенеш Нохчийчохь евзина ца Iаш, йоккхачу советски пачхьалкхехь а евзуш а, лоруш а яра. Мехала хазна йиллина цо дукхакъаьмнийн литератури юкъа. Яздархочух, цуьнан кхоллараллех лаьцна алссам материалаш, статьяш арайийлина цIеяххана девзаш долчу журналаш тIехь «Дружба народов», «Дон9raquo;, «Новый мир» кхечарна а, центральни газетийн агIонаш тIехь а. Яздархочун «Маца девза доттагIалла» роман маситтазза зорбатоьхна оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь Алма-Атахь, Москвахь, Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан дийцарш, очеркаш арайийлина дуккха а меттигашкахь, изданешкахь а.
Арсанов СаьIид-Бейн дахаран некъ хедира 1968-чу шеран 12 июлехь. Яздархо кхелхинчул тIаьхьа, 1969 шарахь, араяьлла «О близком и далёком» цIе а йолуш, коьрта долчу декъана зорба тохаза хиллачу произведенийн книга. Цу тIехь дийцаршца, очеркашца цхьаьна зорбатоьхна дара «Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книгина яздархочо лерина хилла дакъош а. Кхузахь, цуьнан дукхахайолчу произведенешкахь санна, гIиллакх-оьздангалла, къонахалла, доьналла долуш бу книгин турпалхой. Масала, райисполкоман председатель Диас, заводан директор Бено, кхиберш а.
Оьрсийн маттахь язйина Арсанов СаьIид-Бейс шен произведенеш, амма чулацамца, идейно-исбаьхьаллин къастамашца нохчийн къоман литературин произведенеш ю уьш. Арсанов СаьIид-Бей шен дахар, исбаьхьаллин похIма къоман литература, культура кхиорна дIаделлачарах ву.
Арсанов СаьIид-Бейн зорбанехь арайийлина произведенеш
Ши тIаьхье. Роман. Оьрсийн маттера гочйина Х. М. Яхшаатовс. Соьлжа-ГIала, 1931.
Маца девза доттагIалла (Романан дакъош) // Ленинан некъ. 1957. 18 июль — 12 дек., №№ 6, 7, 9, 11, 15, 61; 1958,. 22. 29 янв. №№ 8, 19.
Маца девза доттагIалла. Гочйина. Х. Исмаиловс, Б. Чалаевс. Роман. Грозный, 1960.
Къеггина гайта вайн заманан турпалхо. «Ленинан некъ», 1965. 15 январь.
Дахаран бакъдерг. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 29 май.
Берзалой Iедал. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 2 июнь.
Нана. Дийцар // Ленинан некъ. 1968. 15 май.
Держи крепко свое сердце. (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») // Грозненский рабочий. 1930. 22 май — 8 июнь.
Аул и люди (Главы из романа «Держи крепко свое сердце») // Революция и горец. 1930. № 1. С. 70-78; № 2. С. 63-69.
За невестой, Земли ему (Главы из романа «Держи крепко свое сердце»). «Революция и горец», 1930, № 8, стр. 67-72.
905-й год (Отрывок из романа «Держи крепко свое сердце») // Грозненский рабочий. 1935. 22 — 29 сент.
Расправа в тюрьме. Главы из романа «Держи крепко свое сердце» // Грозненский рабочий, 1935, 2-6 окт.
Суд (Отрывок из романа «Когда познается дружба»). // Къинхьегаман байракх. 1956. 17 май.
Когда познается дружба (Отрывок из одноименного романа) // Грозненский рабочий. 1957. 26 февр.
Слово о матери (Отрывок из романа «Когда познается дружба») // Грозненский рабочий. 1960. 17 нояб.
Когда познается дружба. Роман. Алма-Ата, 1956.
Когда познается дружба. Книга 1. Грозный, 1960..
Когда познается дружба. Роман. Грозный,1963.
Ононди. Рассказ // На Севере Дальнем. 1964. № 2.
Серебристая улыбка. Очерки и рассказы. Грозный, 1965.
О близком и далеком. Рассказы и очерки. Грозный, 1969.
Избранное. Когда познается дружба. Роман. М., 2009.
сочинение по чеченскому языку маца девза доттаг1алла арсанов саь1ид-бейнс язйига йолу
Родился 2 октября 1889 года в селении Новые Атаги. Его отец — рабочий Владикавказского серебряно-свинцового завода — принял участие в революционном движении 1905 года, и в 1907 году его сослали.
Окончив 4-классное Владикавказское училище, С.-Б. Арсанов в 1907 году становится копировщиком чертежной строительной конторы в городе Баку. Затем работал в городах Владикавказе, Одессе. В 1910 году он поступает в политехнический институт в Петербурге, дает частные уроки. В том же году за участие в политической демонстрации в Петербурге был арестован и сослан в Вятскую губернию, откуда бежал и эмигрировал в Германию, где ряд лет работал монтером и слесарем на одном из машиностроительных заводов. Возвратился в Россию в период первой империалистической войны. В 1919 году на Дальнем Востоке участвовал в борьбе против Колчака.
В начале 20-х годов С.-Б. Арсанов много сил и времени уделяет просвещению своего народа. Одно время он — директор Асланбековской сельскохозяйственной школы.
С 1921 года С.-Б. Арсанов находился на различных должностях в партийных, советских и хозяйственных органах. Работал заведующим агитпропом Чеченского оргбюро РКП (б), заведующим культпропотделом обкома партии, ученым секретарем Оружейной палаты в Кремле.
С 1926 по 1930 год С.-Б. Арсанов — уполномоченный представитель Чечни при Президиуме ВЦИК в Москве.
Литературная деятельность С.-Б. Арсанова началась в 1924 году. Писал он на русском языке. В газетах «Советский Юг» и «Известия9raquo; печатались его рассказы и небольшие статьи.
В 1930 году журнал «Революция и горец» публикует главы из его романа «Два поколения», повествующие о формировании новых мировоззрений и взглядов горца. В 1931 году роман был издан на чеченском языке.
С 1933 пo 1935 год работает на Калыме. В 1935 году Арсанов приезжает в Чечню и возглавляет Чечено-Ингушский научно-исследовательский институт языка, истории и литературы. На этой должности он оставался до октября 1937 года.
В сороковых и пятидесятых годах С.-Б. Арсанов работал в системе народного образования Казахской ССР.
С 1957 по 1959 год С.-Б. Арсанов — председатель Оргкомитета, а затем председатель Союза писателей ЧИАССР. В марте 1959 года писатель ушел на пенсию.
В 1956 году в городе Алма-Ате в Казахском государственном издательстве вышел роман С.-Б. Арсанова «Когда познается дружба». Это был вообще первый роман в чечено-ингушской литературе. Он охватывает большой исторический период, который известен как период наиболее интенсивного революционизирования народных масс России. Такой замысел требовал от писателя длительной работы над произведением. Первые отрывки будущего романа — «Аул и люди», «За невестой», «Земли ему» — появились в печати еще в 1930 году. Впоследствии, прежде чем войти в роман, они претерпят значительную редакцию.
Ведущими героями романа «Когда познается дружба» являются типичные представители различных слоев чеченского народа. Острые социальные конфликты, разгоревшиеся в горах на стыке двух веков, писателем умело, сопряжены с, процессами брожения и пробуждения масс, происходившими в центральной России в среде русского пролетариата. Роман, таким образом, повествует не только о местной национальной жизни тех лет, но создает широкие и жизненно правдивые картины борьбы, чаяний и стремлений народов России. Здесь сказалось хорошее знание автором романа жизни России этого периода. Не случайно, что одним из ярких образов романа являются образы русских революционеров Дмитрия и Ульяшевой — посланцев партии.
В 1965 году писатель издал своеобразную книжечку, состоящую из очерков и рассказов под названием «Серебристая улыбка». Произведения, вошедшие в нее, интересны уже тем, что Арсанов пошел по следам лиц, с которыми когда-то работал, посетил места, где некогда бывал он сам, и написал о разительных переменах, происшедших на Севере. Писатель показывает обновленный духовный мир сильных и мужественных людей, осваивающих этот край нашей Родины.
Делегат I съезда ССП РСФСР.
Избирался депутатом Верховного Совета ЧИАССР 2-го созыва.
Делегат III съезда ССП СССР.
Член КПСС с 1924 года.
Член С.СП с 1935 года.
Ши тIаьхье. Роман. Орcийн маттера гочйина X. М. Яхшаатовс. Соьлжа-ГIала, 1931.
Маца девза доттагIалла. Роман. Грозный, 1960.
Къеггина гайта вайн заманан турпалхо. «Ланинан некъ», 1965, 15 январь.
Дахаран бакъдерг. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 29 май.
Берзалойн Iедал. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 2 июнь.
Нана. Дийцар. «Ленинан некъ», 1968, 15 май.
«Аул и люди», «За невестой», «Земли ему». Отрывки из романа «Два поколения». — «Революция и горец», 1930, № 1, 2, 8.
Когда познается дружба. Роман. Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1963.
Ононди. Рассказ. — «На Севере Дальнем», 1964, № 2.
Серебристая улыбка. Очерки и рассказы. Грозный, Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1965.
О верном друге. Роман. М., «Советская Россия», 1968.
Из книги А. У. Мальсагова и Х. В. Туркаева «Писатели советской Чечено-Ингушетии». 1969 г.
Комментировать Лента комментариев
- На сайт
- ВКонтакте
- В Фейсбук
НОВОСТИ ОТ ПАРТНЕРОВ
ВИДЕОНОВОСТИ
В ПОПУЛЯРНЫХ РАЗДЕЛАХ
ЖИЗНЬ ЗАМЕЧАТЕЛЬНЫХ ЧЕЧЕНЦЕВ
НАШИ ПРОЕКТЫ
НАШИ ВИДЕОПРОЕКТЫ
Онлайн вещание «Грозный» — «Вайнах»
В фотоальбоме В Фейсбуке
Комментарии
Мнение редакции не всегда совпадает с мнением авторов статей, опубликованных на сайте.
Здравствуйте, уважаемый посетитель нашего сайта!
Регистрация на нашем сайте позволит Вам быть его полноценным участником. Вы сможете добавлять новости на сайт, оставлять свои комментарии, просматривать скрытый текст и многое другое.